Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Іеха а делла, царна Іибадат ца дархьама а, царна гІуллакх деш ца лелархьама а, хІунда аьлча шун Везачу Дала стигал кІел мел долчу халкъашна делла и дерриге а. нагахь санна цара, Ас тІедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Іамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Іибадат а дахь, ТІаккха Цо со Везачу Элан цІийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеІаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цІийнан лабанний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цІенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дІайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара.
Выбор основного перевода