Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гІаланех цхьанна чохь Іаш волу тІевеанарг иза велахь а. Цунна дІабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дІало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Іаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама. Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тІехь а, шайна тІехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо. Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тІехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла.
Выбор основного перевода