Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
МостагІалла леладе, халкъаш, ткъа дог доьхна хила. Генара мехкаш, ладогІалаш! ТІамана кечам бе, ткъа дог доьхна хила! ХІаъ, кечам бе, амма хаа ду шуна, шу дог доьхна хир ма ду! Дага хІуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хІунда аьлча тхоьца Дела ву! Цара эр ду: «ХьалагІовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тІамца цунна чугІуртур ду вай». Амма тІаккха эр ду: «Жолам! ХІинца тІаьхьа ду: суьйре тІееана, суьйренан ІиндагІаш дахлуш ду. «Мисаран эскаран хьаькамаш кхойкху: „Шайн жима а, доккха а турсаш кечдай, тІом бан арадовла. Дошлой, шайн говраш тІе нуьйраш а тахкий, царна тІе а ховший, шайн гІемаш дІатахка. Иштта гІаьгІнаш тІедуха, гоьмукъаш а ирде“. «ТІеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маІа лакха! Бавел-гІалина тІелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тІехь баьчча хІоттаве, цІоз санна дукха говраш а хилийта. Бавелна дуьхьалдаха къаьмнаш кечде. Кечбе мадайхойн паччахьаш а, мехкадай а, куьйгалхой а. Кечде церан олаллехь долу дерриг а мехкаш. Ас дерриг а халкъаш Ярушалаймана дуьхьал тІом бан схьагулдийр ду. ГІала схьаяьккхина хир ю. ЦІеношна талораш дийр ду. Зударий сийсазбохур бу. ГІалин цхьа ах йийсаре юьгур ю, ткъа дисина халкъ гІаланах дІахадийна хир дац. ТІаккха Везачу Эло, ара а ваьлла, оцу халкъашна дуьхьал тІом бийр бу, тІеман дийнахь Ша тІом ма-барра.
Выбор основного перевода