Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Веза Эла массо а халкъана оьгІазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хІаллакбан билгалбехира, уьш байа дІабелира. Церан байинарш дІасакхиссина хир бу, церан декъашна тІера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цІийно. Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тІера чудужу гІа санна а, инжиран дитта тІера маргІалдоьлла гІа санна а, чудужур ду. Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Цаьрца цхьаьна бугІанаш а, старгІанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цІий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю. Везачу Эло бекхам баран де а, мостагІех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гІуллакх лардийр ду Цо. ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду. Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дІайолу. Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. Схьагулдейша халкъ, базбейша и гулам, схьакхайкхийша къаной, схьагулбейша къонахий а, декхаш долу бераш а. Араволийла хІинца зуда ялийнарг ша вехачу хІусамера, нускал а арадолийла шен цІа чуьра. Мискачунна Хьо волчохь дІалечкъийла хилла, холчохь волчу гІийлачунна Хьо кІелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ІиндагІ санна хилла, хІунда аьлча буьрсачу нехан садеІар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду. Ма хилахьа суна кхераме, де эшначу дийнахь Хьо сан тІетовжийла ма ю. Ярми-ЯхІу, цаьрга дІаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гІигІ дийр ду. Цо Шен дезачу цІа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧІогІачу озаца Цо гІигІ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагІар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тІехь бехаш болчу массо а нахе. Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде? Іамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТІаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу». Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин а цкъа, иза-м кестта хир долуш ду, Ас стигал а, латта а, хІорд а, екъа меттигаш а егор ю.
Выбор основного перевода