Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Дуккха а адамаш дайар хиллачу дийнахь, бІаьвнаш йохийна хІаллакйича, хІора лекхачу лома а, хІора боккхачу гунна а тІера хин татолаш охьахьодур ду. АстагІниг, сай санна, кхоссалур ву, мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу. Хиш яьссачу арахула дІахецалур ду, хин Іовраш эрначу арахула оьхур ю. Цул тІаьхьа цо со Делан цІенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неІсагІина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дІадоьдуш дара, хІунда аьлча Делан цІа малхбалехьа дІадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агІор йолчу агІонна кІелара арадолуш дара, сагІа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агІонгара. Къилбаседехьа долчу кевнехула цо со ара а ваьккхина, арахьарчу новкъахула малхбалехьа дІадирзина долчу кевне валийра. Ткъа цигахь Суна гира, къилбера меллаша охьадогІу жима татол. И стаг малхбалехьа дІавоьдучу хенахь, цуьнан карахь юстаран тІийраг яра. Цо цхьа эзар дол меттиг дІаюьстира, тІаккха со цу хи чухула дІавигира. И хи сан хьакхолгана тІе кхочура. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дІа а юьстина, цул тІаьхьа цо со хи чухула дІавигира. ХІинца и хи суна гоьллец дара. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дІа а юьстина, цул тІаьхьа цо со хи чухула дІавигира. ХІинца и хи суна гІодаюккъе кхочура. Кхин а цхьа эзар дол дІаюьстира цо, амма хІинца хин бухехула со хих чекх ца ваккхалора, хІунда аьлча хи чІогІа лакхадаьллера. Нека деш бен хи чухула дехьа ца валаваллал кІорга дара и хи. Цул тІаьхьа цу стага соьга элира: «Къаьрзинчу бІаьргашца хьоьжуш ма вара хьо, адаман кІант!» Иза а аьлла, цо со цу хин йисте юхавалийра. Со юхавеача, цу хин йистошкахь шинна а агІор дуккха а дитташ гира суна. Цо соьга элира: «ХІара хи малхбалехьарчу метте дІадоьдуш ду, Іариба-тогІи чу а доьду, ткъа цул тІаьхьа иза Дуьрачу хІордах дІакхетар ду. ТІаккха оцу хІордан хи цІанлур ду. И хи дІа мел кхеттачу меттехь сийсаш йолу хІора са долу хІума дика ехар ю. Цу хІорда чохь дуккха а чІерий а хир ду, хІунда аьлча и хи, массанхьа а хІуманаш цІан а еш, царна дахар а луш, цу хІордах дІакхетта. Іейн-ГІадера дуьйна Іейн-Іеглайме кхаччалц хин бердашкахь чІерийлецархой лаьтташ хир бу. Цигахь а бойнаш якъор ю. Вуно дукха тайп-тайпана чІерий хир ду цигахь, Дуьненаюккъерчу хІордана чохь санна. Амма уьшалш а, чохь даьржина хи долу Іаьмнаш а цкъа а цІанлур дац, уьш туьха даккхарна дуьтур ду. Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тІе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тІера гІаш цкъа а маргІал а доьр дац. Царна тІера стом кхачалур бац, хІора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хІунда аьлча царна тІекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тІера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гІаш дарбанна лелор ду». «ТІекхочур ду, – боху Везачу Эло, – охуш волчунна – оруш верг гун волу а, ткъа кемсаш хьуьйш верг уьш дІаюьйш волчунна тІаьхьа кхуьур воцу а токхе денош. Кемсийн мутта лаьмнех охьаІийдалур ду, массо а баьрзнех схьаоьхур ду иза. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а. ТІаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦІеначу ангалих тера цІена хи дара иза. Делан а, Іахаран а Іаршера схьадолура и шовда.
Выбор основного перевода