Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ткъа доьалгІачу дийнахь Бархи-тогІи чохь гулбелира уьш, хІунда аьлча цигахь Веза Эла декъалвира цара. Цундела оцу меттигах хІинца а олу «Бархи-тогІи» (иза «декъалваран тогІи» бохург ду). ХІунда аьлча Везачу Эло цІерца а, Шен туьраца а массо а адамна тІехь кхел йийр ю. Цо хІаллакбина дуккха а хир бу. И гІовгІа дуьненан массо а йистошка дІакхочу, хІунда аьлча Везачу Эло къаьмнаш бехкедийр ду. Цо массо а нах кхеле озор бу, ткъа Іесанаш Цо туьре дІалур бу“, – боху Везачу Эло». Сан уьстагІий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тІехула уьш дІасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гІерта“. Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а сан хир бу, оха уьш схьабохур бу›, цигахь Веза Эла волу Со хиллехь а. «Адаман кІант! Соьгара болу хаам Исраил-мехкан лаьмнашка бе: „Исраил-мехкан лаьмнаш! ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагІаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яІ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“. Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘МостагІаша, шуна массо а агІор го а бина, шу дассийна, ткъа хІинца шу кхечу къаьмнийн карахь а ду, наха шух лаьцна луьйш, мотт бетташ а бу. Цундела ладогІа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Іаннашка, тогІешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дІахІиттийначу а яьсса лаьттачу гІаланашка’. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сайн карзахдаьллачу эмгараллехь Ас элира кхечу къаьмнашна а, Эдомна а дуьхьал, хІунда аьлча цара, шайн дагахь са а къералуш, кхарда а кхаьрдаш, Сан латта шайна дола даккхархьама дІаэцна, цуьнан дежийлаш шайна ижу санна хилийтархьама’“. Иштта, хьежа Соьга, – боху Везачу Эло, – царна дуьхьал тоьшалла дан Со гІоттур волчу дийне хьежа. Ас билгалдаьккхина халкъаш тІегулдар а, пачхьалкхаш тІегулъяр а, Сайн оьгІазалла царна тІе Іанорхьама а, Сайн чІогІа дералла царна тІе хьажорхьама а. Сан эмгараллин цІаро дерриг а латта дІакхоллур ду.
Выбор основного перевода