Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ХІара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тІехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цІуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дІайолу. «Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тІаккха ваша веших а, доттагІа доттагІчух а, гІала гІаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю. Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цІуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тІедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тІегІур бу уьш. Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тІехь олалла деш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Нил-хи а жимлур ду, арахула догІу хи а, лакъа а лекъна, дІадер ду. Хин татолех вон хьожа йогІур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргІалдулур ду. Нил-хин бердашна тІехь йолу ораматаш а, цигахь дІа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дІаса а даржийна, уьш кхин хир дац. Нил-хи чу мІара тосуш болчу чІерийлецархоша узарш дийр ду, уьш боьлхуш хир бу. Хи чу бойнаш тосуш берш дог дешна хир бу. Ветанах хІуманаш йийраш дог доьхна хир бу. КІади дуцурш гІайгІане хир бу. КІадидархой боьхна хир бу, тІелаьцна белхалой гІаддайна хир бу. ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла. ПирІунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирІуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кІант ву»? Ва мисархойн паччахь, хьан хьекъалчаш хІинца мичахь бу те? Массо а ницкъийн Везачу Эло Мисаран къомана дан леринарг хІун ду цаьрга дийцийта а, массо а нахана хьалха довзийта а! ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гІалара баьччанаш Іехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чІогІа тІулг санна хила безнехь а. Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хІуманна тІехь. Вехна стаг шен Іеттораш тІехула ма-леллара, лелаш бу мисархой. Мисар-махкахь цхьаьнгге а хІума далур дац шен къомана – коьрте а, я цІогане а, лекхачу гаьнне а, я лохачу эрзе а. Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш. ЯхІуд-мохк хьахор къемат хир ду мисархошна. И мохк шайна цхьаммо дагабаийтича, мисархой Іадийна хир бу, массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал дан леринчух а кхоьруш. Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду.
Выбор основного перевода