Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ХІара бу Цора-гІаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богІу кемалелорхой, Цора-гІала йохийна йолу дела. Цуьнан цІенош а, хІордкеманаш тІедогІийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. ГІайгІане хила, хІордан йистера бахархой! ХІорда тІехула лелаш болчу ЦІадан-гІалара совдегарша шу хьаладузура. Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхІудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чІогІа бехке а хилла. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ПІелаштамхоша къиза бекхам бора, ЯхІудан халкъах уьш даггара кхаьрдара, бІешерашкара дуьйна йолчу шайн инкарлонца халкъ хІаллакдар лоьхура. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду пІелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дІабохур бу, хІордан йистехь бисина берш а хІаллакбийр бу. Ас чІогІа бекхам бийр бу, Сайн дераллица царна таІзар а деш. Ас шайна тІехь бекхам бича, хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дІабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт. Цора-гІалин пенашна тІе а хьажор ю Ас цІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш».
Выбор основного перевода