Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цо къаьмнашна юкъахь маслаІат дийр ду, дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. Цо дукха халкъашна юкъахь маслаІат дийр ду, генарчу мехкашкахь дукхачу къаьмнашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. Цу дийнахь Везачу Эло ярушалаймхой ларбийр бу. Царна юкъара уггар а гІорасиза верг а, Дауд-паччахь санна, ницкъ болуш хир ву, ткъа Даудан цІа царна хьалха Дела санна а, Везачу Элан Малик санна а хир ду.
Выбор основного перевода