Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьІийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧІагІлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тІера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагІашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дІадохур ду!» Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргІатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тІехь Іаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа! Иза иштта хир ду, Хьалдолчу Эло Цийонан зударий цІена ца хилар дІадаьккхича, Ярушалайм цунна тІерачу цІийх дІацІанйича. Цо иза дийр ду кхел яран а, цІеран а синца. Ас шуна тІе цІена хин цинцаш деттар ду, тІаккха шайн мел йолчу боьхаллех цІан а лур ду шу. Шун массо а цІуйх Аса цІандийр ду шу. «ТІаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тІехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дІахІуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац». Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чІогІа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гІалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цІий Іанорна, Дала цунна догІуш долу таІзар дира».
Выбор основного перевода