Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хьан бедарш цІен хІунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна? «Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгІазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цІий Сан обанна тІе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас. Сайн оьгІазаллица Ас къаьмнаш хьаьшира. Сайн дераллица уьш даха а дина, церан цІий лаьтта охьадоьттира Ас». Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: «КІа ара кечъечу хенахь ког таІош йолчу хьаьттарх тера ю Бавел. Жимма хан яьлча, ялта гулдан хан тІекхочур ю». Хьуна а, ЯхІудан халкъ, таІзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина». «Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича, Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тІекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тІедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цІевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кІа дІадуьллу цІа чохь схьагулде аьлла“». И асаран буц дІайийна волу мостагІа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тІаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. Ялта дІадуьйчу хенахь: „Кхин а цхьа биъ бутт баьлча, ялта хьокху хан тІейогІур ю вайна“, – ца олу аша? Иштта Аса а боху шуьга: шайн бІаьргаш дІа а беллий, кхаш тІе хьовсал, ма кхиъна и ялта хьакха хІинца. Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тІе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХІунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тІе а кхаьчна». ТІаккха стигаларчу мархина тІехиъна волчо, лаьттана тІехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира. Стигалахь долчу Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цуьнгахь а ира марс бара. Ткъа сагІа доккхучу кхерчана уллора цІарна тІехь олалла деш долу кхин а цхьа малик тІедеара. Цо куьйгахь ира марс болчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн ира марс схьа а эций, лаьттарчу кемсийн таьллангашна тІера кемсийн хорханаш схьаяха, хІунда аьлча и кемсаш хилла яьлла». ТІаккха малико шен ира марс лаьтта тІехула хьалаайира. Лаьттара кемсаш, хеда а йина, Делан дераллин муттдоккхургана чу тесира цо. ГІалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Іаьвдира. ТІаккха цу чуьра цІий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тІе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бІе чаккхарма хиллал гонах дІасадаьржира.
Выбор основного перевода