Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Амма яхІудхойн паччахьо Юаша, яхІудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхІушаптис а, ЯхІурама а, Ахьаз-ЯхІус а Везачу Элан цІенна сагІина мел деана хІума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагІина мел деана хІума а, Везачу Элан цІийнан а, паччахьан цІийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дІадахьийтира Юаша. ТІаккха Хьазиал тІе ца летира Ярушалаймана. Деших а, детих а мел йина хІуманаш а дІаяьхьира паччахьан гІаролхойн хьаькамо, царна чуйогІура богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш а, цІий чудутту боганаш а. Иштта Везачу Эло пІелаштамхой а, хушахошна уллохь бехаш болу Іаьрбихой а карзахбехира, уьш ЯхІурамна дуьхьал бахархьама. Цара, яхІудхошна тІе а гІоьртина, чу а бахана, паччахьан цІера, массо а хІума дІа а эцна, ЯхІураман кІентий а, зударий а дІабигира. Цуьнан кІентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхІу воцург, кІант ца висира ЯхІураман.
Выбор основного перевода