Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чІогІа хьакъ долуш а ву, вайн Делан йолчу гІалахь, Цуьнан безачу лома тІехь. ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахІоттабича, ЯхІуд-махкахь а, цуьнан гІаланашкахь а хІара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тІехь Іаш йолу меттиг“. Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а. Ткъа кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь хир ду. И лам, еза меттиг а хилла, дІахІуттур бу. Якъубан цІийно шена бакъонца догІуш долу латта тІаьхьалонна доладоккхур ду. Хьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дІакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІу! ЯхІудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваІданаш а кхочушде. ХІинца чул тІаьхьа Іесанаш хьан махка кхин чугІертар бац, уьш кхоччуш хІаллакбина дела. Ярушалаймехь а, ЯхІуд-махкахь а хІорра а яй массо а ницкъийн Везачу Элана къобалбина хир бу. СагІина леринарг дахьаш болчу массара а, и еш схьа а эцна, царна чохь кхехкор ду жижиг. Цу дийнахь кхин хир вац цхьа а совдегар массо а ницкъийн Везачу Элан цІийнан кертахь. Цхьа а боьха хІума а, иштта сийсаза долу гІуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гІалина. Іахарехь долчу дахаран тептар тІехь цІераш язйина берш бен, цхьа а гІур вац цу чу. ГІалина арахь буьсур бу жІаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цІушна Іамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.
Выбор основного перевода