Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Элах тешаш верг Цийон-лам санна ву. Иза меттах а бер бац, массо а ханна лаьттар а бу. Лаьмнаша Ярушалаймана го баре терра, Веза Эла Шен халкъана гонах ву, хІинца дуьйна массо тІейогІучу ханна. Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тІехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тІехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь. Ас шайн лаьтта тІе охьаховшор бу исраилхой. Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тІера лелхийна лелор бац», – боху хьан Везачу Дала.
Выбор основного перевода