Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Уьш хІорра муьлххачу а агІор дІадахалора. Шайн са дІагІертачу агІор доьлхура уьш, доьлхучу хенахь дІаса а ца доьрзуш. И чкъургаш дІайоьлхучу хенахь дийнаташна хьалха йолчу муьлхха а еа агІонгахьа дІайигалора цаьрга. Чкъургаш дІаса а ца йоьрзуш, дийнаташ нийсса дІадоьлхура. И чкъургаш дІайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агІонгахьа цаьрга дІайигалора. Чкъургаш дІаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дІайигалора. Еа юьхьан хІора агІор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дІаяхалора, цхьанхьа а дІаса а ца йоьрзуш. Церан яххьаш суна Кабар-хина уллохь гиначу дийнатийн яххьех тера яра. Ткъа ша дІадолалучу хенахь хІора дийнат муьлххачу а агІор дІадахалора.
Выбор основного перевода