Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Каруб-маликийн тІемашна бухахь адаман куьйгаш долуш санна хетара. Цу хІора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь – каруб-маликан юьхь яра, шолгІаниг – адаман, кхозлагІниг – лоьман, ткъа йоьалгІаниг – аьрзунан юьхь яра. Цу Іаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хІорд бара. Ткъа Іарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Іаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалхā а, тІехьā а шорта бІаьргаш дара церан. Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгІа дийнат старгІанах тера дара. КхозлагІчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгІаниг тІемаяьллачу аьрзунах тера дара. Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.
Выбор основного перевода