Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Хьала а гІаьттина, со аренга дІавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТІаккха со сайн юьхь лаьтта тІе кхачош охьавуьйжира. Цигахь Исраилан халкъан Делан сийлалла яра, суна Кабар-хина уллохь йолчу аренгахь гинарг санна йолу. Цул тІаьхьа со лаьтташ волчу метте тІевеара иза. И тІевеача, кхеравелла, бертал охьавуьйжира со. Цо элира соьга: «Хаалахь, адаман кІант, хІара сурт дуьненан чаккхенан заманца дозуш дуйла!» Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а. Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цІе йолу деза тІулгаш санна, можачу а, цІечу а басахь лепара. Цуьнан гІантана гонах, «изумруд» цІе йолу тІулг санна, лепаш стелаІад дара. ТІаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тІе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тІехула стелаІад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цІерах богу бІогІамаш санна, бара.
Выбор основного перевода