Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Ахьа мехех Хьайн геланчаш бо, цІеран алунех Хьайн ялхой бо. Хьалахьаьжча, суна хІара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гІодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ. Цуьнан дегІ, жовхІар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БІаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цІестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тІера бедарш, ло санна, кІайн яра. Цу Іаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГІантана хьалха богуш ворхІ къуьда бара. Уьш Делан ворхІ Са ду.
Выбор основного перевода