Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхІуна тІе. Шен гІодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраІал-гІала дІакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхІу. Ткъа хІинца схьавалавел суна тІе дечиг-пондар локхуш верг». Дечиг-пондар локхуш волчо пондар локхучу хенахь ЭлишаІах Везачу Элан куьг хьакхаделира. Цул тІаьхьа суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира, Цо соьга элира: «Хьала а гІаттий, аренга дІагІо, цигахь Со вист хир ву хьоьга». Хьала а гІаьттина, со аренга дІавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТІаккха со сайн юьхь лаьтта тІе кхачош охьавуьйжира. Суна хІоьттина долу сурт, хьалха, Дела Ярушалайм хІаллакьярхьама веанчу хенахь Суна хІоьттинчу суьртах тера дара, иштта Кабар-хина уллохь Суна хІоьттинчу суьртех тера а дара. ТІаккха со бертал вуьйжира.
Выбор основного перевода