Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
ДІахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хІора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тІулгех йича санна лепаш яра. ХІора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. И чкъургаш дІайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агІонгахьа цаьрга дІайигалора. Чкъургаш дІаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дІайигалора. Еа юьхьан хІора агІор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дІаяхалора, цхьанхьа а дІаса а ца йоьрзуш. Цуьнан дегІ, жовхІар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БІаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цІестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. И дийнаташ дІадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дІаоьхура, ткъа нагахь уьш хьалаайаелча, и чкъургаш а цаьрца цхьаьна хьалаайалора. Дийнаташ шайн сино дІаюьгучу метте дІадоьлхура, уьш дахначу метте и чкъургаш а дІайоьлхура цаьрца нийсса, хІунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара. И дийнаташ дІадоьлхучу хенахь, чкъургаш а дІайоьлхура, уьш сецча – совцура, уьш лаьтта тІехула хьалаайаделча, цаьрца нийсса хьалаайалора чкъургаш а, хІунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.
Выбор основного перевода