Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дІаоьхура, ткъа цара шайн тІемаш хьалаайдича, лаьттара хІаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура. Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела. ТІаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цІийнан неІсагІина уллора дІа а даьлла, каруб-маликашна тІехула сецира. Ткъа уьш, шайн тІемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дІаоьхура. Уьш Везачу Элан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дІахІиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тІехула яра.
Выбор основного перевода