Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе. Бавелан хишна юххе тхо ховшура, цигахь тхо делха а доьлхура, Цийонна хилларг дага а лоьцуш. Тал-Авивехь Кабар-хина уллохь Іаш болу йийсарехь берш болчу вахара со. ВорхІ дийнахь Іийра со цигахь, царна юкъахь, чІогІа догдоьхна а волуш. Хьала а гІаьттина, со аренга дІавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТІаккха со сайн юьхь лаьтта тІе кхачош охьавуьйжира. Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТІаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хІиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гІала, Делан цІенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дІавигира, эмгаралла хуьлуьйту цІу лаьтташ волчу. Дала хІиттийначу суьрташкахь Цо со Исраил-махка а валийна, вуно лекхачу лам тІе дІахІоттийра. Ткъа цу лам тІехь къилбехьа йолчу агІонгахь гІала йолуш санна цхьа гІишлош хеталора. Іийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дІасаеллаялийтира. Іийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогІуш долу Делан Са дІахІоьттира. Иза нийсса Цунна тІе охьадеара. Іийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дІаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тІе. И Делан Са Іийсана чу дуьйлира. «Хьовсийша, – элира цо, – суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агІор лаьтта Адамийн КІант а го», – аьлла.
Выбор основного перевода