Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Цунна тІехула лаьттара сирап-маликаш. Церан хІораннан а ялх тІам бара: шинца цара юьхь дІакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тІема довлура уьш. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дІаоьхура, ткъа цара шайн тІемаш хьалаайдича, лаьттара хІаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура. Ткъа уьш, шайн тІемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дІаоьхура. Уьш Везачу Элан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дІахІиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тІехула яра.
Выбор основного перевода