Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
ЯхІу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхІуд-махкана тІегІоьртира. Кхаа шарахь Іийра ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кІел. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо.
Выбор основного перевода