Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кІелахь дезачу тІулгийн экъа яра, стигал санна, цІена а йолуш. ТІаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тІехула йолчу нартолна тІехь йолу хІума гира. Иза саппир олу беза тІулг санна лепара, иштта паччахьан гІантан куьцехь а яра иза. Стаг суна уллохь лаьтташ волчу хенахь, Делан цІа чуьра суна цхьаъ сайга вистхуьлуш хезира. Оцу озо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара меттиг Сан Іаршан меттиг а, иштта Сан когийн кІело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хІара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цІе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Іамал ярца а, шайн сагІа доккхучу гунашна тІехь шайн паччахьийн декъий дІадохкарца а. Ткъа оцу ворхІ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кІантах тера цхьаъ» вара. Цунна тІехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара. Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цІастанах тера бара. Чухчарин гІовгІа санна дара Цуьнан аз.
Выбор основного перевода