Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
ЭлихІу вистхилла ваьлча, дарца юккъера Аюбе вистхилира Веза Эла. ХІара бу доккхачу хин йистехь йолчу яьссачу аренах болу хаам. Къилберачу аренгахь хьоькху йилбазмехаш санна, чугІерташ бу яьссачу арара, кхерам тосуш болчу махкара. Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тІейогІуш ю, иза Іесачеран коьрта тІе, йилбазмох санна, южур ю. Суна гира гІодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цІеран алу санна, иза лепачу цІастанах тера хилар. Ткъа гІодаюкъана охьа а цІе летта лепаш санна йолу хІума гира суна. ТІаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тІехула йолчу нартолна тІехь йолу хІума гира. Иза саппир олу беза тІулг санна лепара, иштта паччахьан гІантан куьцехь а яра иза. Дуткъачу кІадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кІегий схьа а эций, уьш гІалина тІе дІасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дІавахара. Каруб-маликаш Делан цІийнан къилберачу агІор лаьтташ дара, и стаг чкъургашна юккъе дІавахча. ТІаккха цхьана мархо цІийнан чухулара керт хьалаюьзира. Цул тІаьхьа каруб-маликашна тІехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неІсагІехьа дІайолаелира, тІаккха Делан цІа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира. Каруб-маликаша лестош долчу тІемийн гІовгІа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара. Дуткъачу кІадих йина бедарш юьйхина волчу стаге: «Каруб-маликаш долчуьра чкъургашна юккъехь догуш долу кІегий схьаэца», Везачу Эло аьллачул тІаьхьа, и стаг, мархина юккъе а ваьлла, цхьана чкъургана улло дІахІоьттира. ТІаккха каруб-маликех цхьаммо, царна юккъехь йогуш йолчу цІарна тІе куьг дІа а кховдийна, цигара кІегий схьа а эцна, уьш дуткъачу кІадих йина бедарш юьйхина волчу стаге дІаделира. Уьш схьа а эцна, и стаг аравелира. Каруб-маликийн тІемашна бухахь адаман куьйгаш долуш санна хетара. ДІахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хІора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тІулгех йича санна лепаш яра. ХІора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. И чкъургаш дІайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агІонгахьа цаьрга дІайигалора. Чкъургаш дІаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дІайигалора. Еа юьхьан хІора агІор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дІаяхалора, цхьанхьа а дІаса а ца йоьрзуш. Церан дерриг а дегІ – букъ а, куьйгаш а, тІемаш а, иштта йиъ чкъург а – бІаьргех дуьззина дара. Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш. Цу хІора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь – каруб-маликан юьхь яра, шолгІаниг – адаман, кхозлагІниг – лоьман, ткъа йоьалгІаниг – аьрзунан юьхь яра. Каруб-маликаш хьалаайаделира. И дийнаташ суна Кабар-хина уллохь гинарш дара. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дІаоьхура, ткъа цара шайн тІемаш хьалаайдича, лаьттара хІаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура. Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела. ТІаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цІийнан неІсагІина уллора дІа а даьлла, каруб-маликашна тІехула сецира. Ткъа уьш, шайн тІемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дІаоьхура. Уьш Везачу Элан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дІахІиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тІехула яра. Суна дагадеара и дийнаташ: уьш Кабар-хина уллохь Исраилан халкъан Далла бухахь хилла долу дийнаташ дара. Суна хиира уьш каруб-маликаш хилар. Церан хІораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тІам а бара, ткъа цу тІемаш кІел адаман куьйгаш долуш санна а хетара. Церан яххьаш суна Кабар-хина уллохь гиначу дийнатийн яххьех тера яра. Ткъа ша дІадолалучу хенахь хІора дийнат муьлххачу а агІор дІадахалора.
Выбор основного перевода