Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь санна хьо сан йоІаршца вон хилахь я ахь царна тІе зударий балабахь, вайна юкъахь цхьа а вацахь а, хаалахь: Дела Теш ву хьуна а, суна а юкъахь». Дерриг а халкъо, цхьа барт а хилла, элира: «Везачу Эло бохург дерриг а кхочушдийр ду оха». Халкъо аьлла дешнаш Везачу Эле хаийтира Мусас. Халкъо элира ЮшаІе: «Тхайн Везачу Далла Іамал а йийр ю, Цуьнга ла а дугІур ду оха». ГалІадарчу къаноша Яптахье элира: «Веза Эла теш хуьлийла вайна юкъахь. Оха ахьа мел бохург дийр ду!» ЛадогІа массо а халкъаша, тергам бе лаьтто а, цунна тІехь мел долчо а! Шуна дуьхьал теш хуьлийла сан Хьалдолу Эла, Шен дезачу цІийнера волу Веза Эла! билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цІийца вай кІелхьара а даьхна, «Лаудика-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо:
Выбор основного перевода