Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш берриш а Гадал-ЯхІу волчу МицІпа-гІала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал а, Къаьрхьин кІентий Йохьан а, ЯхІуната а, Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, НатІупатарчу Іейпин кІентий а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, иштта царна уллора берш а бара. Цу хенахь Къаьрхьин кІант Йохьан а, иштта аренгахь лелаш болу кхиболу тІемалойн хьаькамаш а Гадал-ЯхІу волчу МицІпа-гІала баьхкира. Амма Къаьрхьин кІантана Йохьанна а, массо а цуьнца болчу тІеман хьаькамашна а Натан-ЯхІун кІанта ИсмаьІала динчу дерриг а зуламех лаьцна дІахезира. ТІаккха ХІушаІ-ЯхІун кІанта Іазар-ЯхІус а, Къаьрхьин кІанта Йохьана а, иштта цигахь болчу массо а кІоршамечу наха а Ярми-ЯхІуга элира: «Ахьа бохург бакъ дац. Тхан Везачу Дала ца ваийтина хьо тхоьга: „Шу Мисар-махка даха дІа ма гІо“ – ала.
Выбор основного перевода