Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса Ярушалаймана таІзар ма-дарра, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду шух болчу Мисар-махкахь бехаш болчарна. Мисар-махкахь Іан цига дІабаханчу яхІудхойх дийна бисинчарах цхьа а кІелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхІуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Іожаллех кІелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цІа воьрзур вац“». КІеззиг нах юхабоьрзур бу Мисар-махкара ЯхІуд-махка, туьрах кІелхьар а бевлла. ТІаккха Мисар-махкахь баха схьабаьхкина болчу дийна бисинчу берриг а яхІудхошна хуур ду, хьенан дешнаш хилла бакъ – Сан я церан. qac Іqac*аьржа баланаш массо а агІор Ахь суна тІебалийра. Дезачу денна кхойкхуш санна, Ахь уьш суна тІебалийра. Везачу Эло оьгІазалла ша йинчу ва дийнахь Цхьа а дийна ца висира, цхьа а кІелхьара ца велира. Ас лелийна мел берш, кхиийна мел берш мостагІчо хІаллакбина дІабехира. Генахь верг Іожаллин ун бахьана долуш лийр ву, уллохь верг туьро вуьйр ву, ткъа дийна бисинарш мацаллех лийр бу. Иштта охьайоссор ю Аса царна тІе Сайн оьгІазалла. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таІзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Іожаллин ун а – цунна тІе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хІаллакдархьама!
Выбор основного перевода