Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Іелас элира: «Хьоьга хІун элира? Хьайга аьллачух хІумма а къайладаккха ма гІерта. Дала хьуна чІогІа таІзар дийр ду, ахьа сох хІумма а къайладаккхахь». Цхьа а хІума къайла ца хьош, Шамъала дерриге а цуьнга дІадийцира. ТІаккха Іелас элира: «Иза Веза Эла ву. Цо Шена бакъахь хеттарг дойла!» Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дІадаха Іамор ду. Мика-ЯхІус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо аса, сайга Везачу Эло боххург айса дІаэриг хилар». Хьан нийса хилар сайн даг чохь къайла ца доккхура аса. Хьо тешаме хиларх а, Ахь кІелхьарваккхарх а лаьцна кхайкхадора аса. Боккхачу гуламна хьалха Хьан хедар боцу безам а, Хьан билггал бакъдерг а ца хьулдора аса. ГІан гина волчу пайхамаро, шена гІенах гинарг гІан ду аьлла, дийца деза, амма шегахь Сан дош долчо, иза ма-дарра дІадийца деза. Кегаш цІена кІа ма дац! – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода