Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хІунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“. Мисар-махка кхалха а, цигахь Іан а сацам бина ЯхІуд-махкахь дийна биснарш Аса дІабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дІакхелхар бу! КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хІаллакьхир бу. Наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах Іадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу. Аса Ярушалаймана таІзар ма-дарра, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду шух болчу Мисар-махкахь бехаш болчарна. Мисар-махкахь Іан цига дІабаханчу яхІудхойх дийна бисинчарах цхьа а кІелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхІуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Іожаллех кІелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цІа воьрзур вац“».
Выбор основного перевода