Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса Ярушалаймана таІзар ма-дарра, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду шух болчу Мисар-махкахь бехаш болчарна. Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гІо дархьама бийр бац, уьш хІаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой я мацалло хІаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц. Шу туьрах кхоьруш ду, амма Ас и тур шуна тІехьажор ду. – Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса. – Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь.
Выбор основного перевода