Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хІунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“. Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тІера уьш дІабирзира. Хьан пайхамарша уьш чІогІа боьхура, Хьуна тІе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Іеса къамелаш дора, Ахьа цаьрга дІахьедора, Хьайн товрат-хьехамашна тІе юхадерза дезар дІахоуьйтуш, амма цара, кура а бевлла, Хьан весеташ дІатеттира. Ахьа тІедиллинчарна дуьхьал къинош летийра цара. Делахь а, уьш лардийриг церан гІоьнца вехар вара. Бухахьа а бевлла, Хьох дІа а бирзина, дегнаш чІагІ а дина, Хьоьга ла ца дуьйгІира цара. Хьо тхан дайшца чІогІа собаре вара. Дуккха а шерашкахь царна садиттира Ахьа. Хьайн пайхамарш Хьайн Синехула иракара а хІиттийна, оцу пайхамаршкахула царна дІахьедора Ахь. Амма цара ла ца дугІура, цундела Ахьа уьш кхечу къаьмнийн кара дІабелира. «Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Іалашонаш хІиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагІаран сагІанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тІе кхиниг а тухуш. Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирІуне гІо дехархьама а, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъархьама а. Амма пирІуно деш долу гІо эхье хир ду шуна, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоІан-гІалина а, Хьанас-гІалина а тІекхаччалц белахь а, берриге а яхІудхой юьхьІаьржачу хІуьттур бу шайна пайденна доцу и халкъ бахьанехь. Цуьнгара я гІо а, я пайда а хир бац царна, амма эхь а, юьхьІаьржо а хир ю». ХІара бу НегІаб яьссачу арахь долчу дийнатех лаьцна хаам: «Шена чохь дуккха а лоьмаш долчу а, шена чохь дІаьвше лаьхьанаш а, саьрмикаш а долчу сингаттамечу а, кхерамечу а махкахула дІабоьлху яхІудхойн векалш. Шайн варрашна а, эмкалшна а тІедехкина, деза совгІаташ хьо цара цхьана а агІор шайна дан гІо доцучу халкъана. Мисар-махко до гІо цхьана а агІор пайденна дац. Цундела туьллу Ас цунна цІе: „Кхераме боцу саьрмик“, – аьлла». Иза чІогІа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогІахь а, я ла ца догІахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна.
Выбор основного перевода