Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аш йитина хир йолу цІе неІалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хІаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цІе туьллур ю Цо. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». Веллачу паччахьах белхар а ма хІиттаде, иза дІакхалхарх тийжарш а ма хІиттаде. ХІетте а, даггара тийжа цуьнан кІантана, хІинца йийсаре дІавуьгуш волчу, иза кхин цкъа а цІа ца верзарна а, ша вина мохк цунна кхин ца гарна а. Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац». Со царна туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца тІаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дІа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу. Цхьаболчара хашадхошца тІом бийр бу, ткъа мостагІаша гІалин цІенош дузур ду Сайн оьгІазаллица а, дераллица а Айса мел байинчеран декъех, хІунда аьлча бахархоша лелийна вонаш бахьана долуш Аса Сайн юьхь гІаланах къайлаяьккхинера. Сайн оьгІазаллехь а, дераллехь а хьуна тІехь, кхел а йина, таІзар дича, хьох эхье хІума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дІахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса.
Выбор основного перевода