Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду. Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кІелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дІадигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІат а йохур ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац, хашадхой бахьана долуш. Уьш кхоьрура хашадхойх, хІунда аьлча Бавелан паччахьо ЯхІуд-махкана тІехь куьйгалхо хІоттийна волу Гадал-ЯхІу вийнера ИсмаьІала. ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?
Выбор основного перевода