Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна тІе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хІаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду. Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кІеззиг бен дуьсур дац шу, хІунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгІи аш. Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тІера, доьхуш, доІа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тІе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна». Исраилхой кхийтира шайн гІуллакх чІогІа кхераме дуйла. Уьш, гуро лаьцча санна, Іаш бара. Цундела уьш хьехашна, чІажашна, саьнгаршна чохь а, лаьмнашкарчу терхашна юккъехь а, гІунаш чохь а дІалечкъира. Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». НеІалт хуьлда: «Хьуна кІант вина!» аьлла, кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана. Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дІабовла ма мега, хІунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дІакхайкхийна оьгІазалла а, дералла а чІогІа йоккха ю». ЦІадукъ-ЯхІус Шалам-ЯхІун кІант ЯхІукал а, МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а вахийтира Ярми-ЯхІу-пайхамар волчу дІаала: «Тхуна тІера доІа дехьа вайн Везачу Деле». Ткъа хІинца ладогІахьа соьга, сан олахо волу паччахь, хьайга дехар дан пурба лохьа суна. Ма вигийтахьа со йозанча волчу ЯхІунатин цІа: ахьа иза дахь, со цигахь лийр ву». шу шайгара гІалат далийта дохку, ткъа цу гІалато шу Іожалле далор ду. Аша со шун Веза Дела волчу вахийтира, соьга иштта олуш: „Тхуна тІера вайн Везачу Эле доьхуш доІа дехьа. Цо мел аьлларг тхоьга дІаалахьа, ткъа оха иза кхочушдийр ду“. qac Аqac*дам мацах дукха хилла йолу гІала, цхьа а стаг воцуш санна йисина-кх и гІала. Лаьтташ ю иза йисна Іачу зудчух таръелла. Халкъашна юкъахь сийлахь йолуш лелла и гІала. Мехкашна тІехь а эла хилла лаьттина и гІала. Ясакх луш ерг санна хилла дІахІоьтти-кх и гІала. ШамІас дийхира тІаккха: «Везачу Эле сох доІа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама».
Выбор основного перевода