Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Цара „Тхо стенга гІур ду?“ аьлла, хаттар дан тарло хьоьга. ТІаккха цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, туьро вен леринарг туьрана гІур ву, мацаллех вала леринарг мацаллина гІур ву, ткъа йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву. «Иштта боху Везачу Эло: „ХІокху гІалахь виснарг туьро, я мацалло, я Іожаллин уьно вуьйр ву, амма, гІалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хІонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“. ТІаккха Ярми-ЯхІус элира ЦІадукъ-ЯхІуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хІара гІала а цІарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу. Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хІара гІала церан кара дІа а лур ю, цара хІара цІарца ягор а ю, ткъа хьо царах кІелхьар а вер вац“». Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, хьо туьрах лийр вац, хьан дахар хІонс санна хир ду хьуна, хІунда аьлча хьо сох тешна дела’, – боху Везачу Эло“». Барух, Аса хьайна даккхий гІуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хІунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, – боху Везачу Эло. – Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хІонс санна, лур ду›’“».
Выбор основного перевода