Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хашадхоша Делан цІа дагийра, гІалин гонахара пен а охьабожийра. ГІалахь мел долу паччахьан цІа а дагийра, царна чохь деза мел долу хІума а хІаллакдира цара. И дерриг а бахьана долуш, цара шаьш дІакхехьна болчу некъах бен пайда оьцур бац, шайн дагахь долчух бузур бу уьш. Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хІунда аьлча ша динчу дикачу гІуллакхех пайда оьцур бу цо. Ткъа Іесачун къа ду, хІунда аьлча ша динчу вочу гІуллакхашна бекхам хир бу цунна. Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“». Аса шуна шу хІаллакден берш бохур бу шуна дуьхьал, хІораннан а карахь герз а долуш. Ткъа цара хьан уггар дика долу баганан дитташ, схьа а дохуш, цІерга кхуьссур ду. Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош а дагийра. «Адаман кІант! Къилбехьа дІаверза. Къилбанна дуьхьал вист а хилий, къилбанан аренан хьуьнна дуьхьал Делера болу хаам кхайкхабе. ТІаккха адамашна хуур ду Аса, Везачу Эло, и цІе латийнийла а, иза дІаяйа йиш йоцийла а’“».
Выбор основного перевода