Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІу цо Бавеле дІавуьгур ву. Иза цигахь Іийр ву, Иза цигахь Іийр ву, Аса цунна дан леринарг кхочушдаллалц, – иштта боху Везачу Эло. – Нагахь аша хашадхошца тІом бахь, шу царал тоьлур дац“». Аша шайна дуьхьал тІом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хІаллакдахь а, царах чевнаш хилла тІемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гІевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хІара гІала цІарца ягор яра“». Ас дерриг а халкъаш Ярушалаймана дуьхьал тІом бан схьагулдийр ду. ГІала схьаяьккхина хир ю. ЦІеношна талораш дийр ду. Зударий сийсазбохур бу. ГІалин цхьа ах йийсаре юьгур ю, ткъа дисина халкъ гІаланах дІахадийна хир дац.
Выбор основного перевода