Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. ЦІадукъ-ЯхІун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦІадукъ-ЯхІун ненан цІе Хьамутал яра. Иза Либна-гІалара Ярми-ЯхІун йоІ яра. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхІу а, шолгІа динан да волу Цапни-ЯхІу а, Везачу Элан цІа чу воьдийла ларъеш волу кхо гІаролхо а йийсаре дІавигира. пхоьалгІаниг – Малки-ЯхІун, йолхалгІаниг – Мияманан, Ша паччахьалла дечу берхІитталгІачу шарахь, мохк а, Везачу Элан цІа а ша цІандечу хенахь Ацал-ЯхІун кІант Шапани а, гІалин хьаькам МаІсей-ЯхІу а, йозанча волу Юахьазан кІант Юахьи а вахийтира Юши-ЯхІус шен Везачу Делан цІа тодан. «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Ахьа дерриге а Исраилан халкъе а, иштта динан да волчу МаІсей-ЯхІун кІанте Цапни-ЯхІуга а, массо а кхиболчу динан дайшка а хьайгара кехаташ дахьийтира. Цу тІехь яздина дара: ЦІадукъ-ЯхІус Шалам-ЯхІун кІант ЯхІукал а, МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а вахийтира Ярми-ЯхІу-пайхамар волчу дІаала: «Тхуна тІера доІа дехьа вайн Везачу Деле». Матанин кІантана Шапат-ЯхІуна а, Пашихьуран кІантана Гадал-ЯхІуна а, Шалам-ЯхІун кІантана ЯхІукалана а, Малки-ЯхІун кІантана Пашихьурна а хезира, Ярми-ЯхІус массо а халкъе иштта дешнаш дІакхайкхош:
Выбор основного перевода