Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда до аша шайн тогІех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Іаш, хьуна моьтту, хьуна тІелата цхьа а ваьхьар вац. «Адаман кІант! Хьан вежарех – хьан гергарнаш болчу вежарех а, дерриг а Исраилан халкъах а лаьцна – Ярушалаймехь бехаш болчара боху: „Далла гена а бевлла, бехаш Іаш бу уьш, ткъа хІара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“. Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: „Соьгара ду бохуш, аша нахана дийцинарг даьсса хиларна а, шун суьрташ харц хиларна а, Со шуна дуьхьалваьлла.
Выбор основного перевода