Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. Соьга вон деанчу дийнахь Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьайн лерг соьга схьадерзадехьа, со Хьайга кхойкхучу дийнахь суна сихонца жоп лохьа. Сайгахь болу бала бахьана долуш со азвелла дІахІоьттина.
Выбор основного перевода