Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан тІаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш. ТІаккха ЕшаІ-ЯхІус элира: «ЛадогІа соьга, Дауд-паччахьан тІаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу? Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхІудан халкъ! Шайн дегнаш тІера пардо дІа а даьккхина, уьш цІан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цІе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш». Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гІело йинарг гІело еш волчух ларве, тІевеаначу стагана гІело ма е, иза дІа а ма тетта, бай а, бисина Іаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цІий а ма Іанаде хІокху меттехь. Къен а, миска а волчун гІуллакх цо нийсонца къастадора. Цундела иза дика вехаш вара. Иза дац те Со вовзар? – боху Везачу Эло. – «Массо а ницкъийн Везачу Эло хІетахь иштта элира: „Нийса кхел а елаш, вовшех къахеташ а, дог лозуш а хилалаш.
Выбор основного перевода