Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дІакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоІу де лардан шуна тІедиллина шун Везачу Дала. Уьш Везачу Эло Шен чІогІачу оьгІазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тІера дІа а даьхна, кхечу лаьтта тІе кхийсина, хІинца вайна гуш ма-дарра“. Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагІа хилира: Иза Ша цаьрца тІом беш дара. ‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тІера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дІало.
Выбор основного перевода