Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса маданхойн махкахь волуш, Везачу Эло цуьнга аьллера: «Мисар-махка юхаваха мегар ду хьуна ца кхоьруш, хІунда аьлча хьо вен гІерташ хилларш белла дІабевлла». И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош. Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кІентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хІаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“». ХІунда аьлча иштта боху Везачу Эло: „Аса хьох хьуна хьайна а, хьан доттагІашна а хьалха къемат дийр ду. Уьш шайн мостагІчун туьро хІаллакбийр бу, и хІума хьан бІаьргашна гур а ду. Аса берриг а ЯхІудан халкъ Бавелан паччахьан кара дІалур ду, цо цхьаберш Бавел-махка дІабуьгур бу, кхиберш хІаллакбийр бу. «Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гІой, яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, тІаккха цо иза цІарца ягор ю. Цул тІаьхьа ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цІахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхІус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дІалур ву», – аьлла. Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира. Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гІала. Цигахь цунна кхел йира. Иштта дийна волчу Сайх чІагІо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цІушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гІуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дІахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш.
Выбор основного перевода