Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. qac Уqac*ллора дІа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хІума дІадайархьама. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Ас кестта Ярушалайм хашадхойн а, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а кара дІалур ю, цо иза дІа а лоцур ю. Цунна тІелеташ болчу хашадхоша, гІалина чу а баьхкина, гІаланах цІе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тІехь БаІална хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш дахарна а, наха Со оьгІазвахийтина массо а цІенош шаьш дагийна хир ду. «Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гІой, яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, тІаккха цо иза цІарца ягор ю. Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хІара гІала церан кара дІа а лур ю, цара хІара цІарца ягор а ю, ткъа хьо царах кІелхьар а вер вац“». Берриш а хьан зударий а, бераш а, дІа а бигина, хашадхошна дІалур бу. Хьо а вер вац церан карара: хашадхойн паччахьо хьо схьалоцур ву, ткъа хІара гІала цІарца ягор ю». «Ярми-ЯхІу, ваха а гІой, хушахо волчу Іабайд-Малике хІара дешнаш дІаала: „Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘ХІокху гІалина, диканиг а ца деш, бохам бийр бу аьлла долу Сайн дешнаш кхочушдан хІоьттира Со. Иштта хилча, хьан бІаьргашна хьалха иза кхочушхир ду. Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тІе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхІудхой хІаллакбийр бу Аса. Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гІо дархьама бийр бац, уьш хІаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой я мацалло хІаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц. Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош а дагийра. Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дІавоккхур ву иза, тІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Нагахь санна, шайн мостагІашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гІахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бІаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тІехьажор бу».
Выбор основного перевода