Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агІор дахар а, аьтто а бу. Вукху агІор Іожалла а, бохам а бу. Ас тахана тІекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дІало дахар я Іожалла, декъала хилар я неІалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тІаьхье а яхийтархьама а, «Иштта боху Везачу Эло: „ХІокху гІалахь виснарг туьро, я мацалло, я Іожаллин уьно вуьйр ву, амма, гІалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хІонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“.
Выбор основного перевода