Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Сан хІинца дезткъа шо ду. Дахарехь кхин хІумма а дац сан самукъадала? Хьан лай волчу соьга юучу хІуманан чам къасталур буй? Хезар дуй ткъа суна эшарш локхуш болчеран аьзнаш? Со муха гІертар ву сан паччахь волчу элана новкъа? Со кхин а жимма сайн паччахьца цхьаьна Йорданал дехьа дІавогІур ву. Паччахьо суна хІунда кхачийтина те оццул йоккха ял? Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дІакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гІуллакх а дора цунна. Оцу наха, Апар цІе йолчу махка а бахана, цигара бархІ бІе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дІаделира. ТІаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бІе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогІучу бецийн хьакхарш а, деза тІулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогІу хІуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра. (Хьирам-паччахьан хІордкеманаша а Апар-махкара деши деара. Цу махкара Хьирам-паччахьо деара дуккха а цІен дечиг а, деза тІулгаш а. Сулим-паччахьна хІора шарахь цхьа эзар кхо бІе ткъе шийтта пунт деши дахьара. Сулим-паччахьан хьеший тІеоьцуш лелош йолу пхьегІаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолчу цІенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хІуманаш а ерриг а цІеначу деших йина яра. Детих йина хІумма а яцара, хІунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чІогІа лахара бара. Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хІордкеманашца цхьаьна лелара. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Иштта, ворхІ бІе зуда а, кхо бІе гІарбаш-зуда а яра Сулим-паччахьан. Оцу зударша бакъболчу некъа тІера дІаваьккхира Сулим-паччахь. Ахьаб-паччахьо хаьттира: «Хьаьнгахула?» Пайхамаро жоп делира: «Иштта боху Везачу Эло: „Мехкадайн эскархошкахула“». ТІаккха Ахьаба хаьттира: «ТІом хьан дІаболор бу?» «Ахь болор бу», – элира цуьнга. Ярми-ЯхІу-пайхамаро тийжамаш дІаязбира Юши-ЯхІуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхІух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю.
Выбор основного перевода