Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Эхарт а, хІаллакьхиллачийн дуьне а цкъа а Іаьбна цахиларе терра, адаман бІаьргаш а ца Іеба. Массо а гІуллакх саццаза дІаоьху, Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац. Хьежарх бІаьрг а бузур бац хьан, ладегІарх – лерг а дузур дац. Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гІадвахарал гІоле долуш кхин хІумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хІунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тІаьхьа цунах хиндерг. Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тІаккха иза Делера совгІат санна ду цунна. Стигална кІел доккхучу хьайн кхетамбоцучу дахаран деношкахь Дала хьайна еллачу а, хьуна езачу а зудчуьнца хьо вахарх дезар эца. ХІунда аьлча хьан дахарехь а, стигална кІел ахь бечу балха тІехь а иза хьуна Дала делла дакъа ду.
Выбор основного перевода