Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ЦІеран суйнаш ирх ма лелххара, адам бала хьега кхоьллина ду. «Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву. Эрна ду шун хьалххе хьалагІовттар а, хан яллалц Іар а, хьацарца даьккхина бепиг даар а. И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Іуьллушехь. Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гІуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх! Доккхачу хьекъалаллах боккха бала хуьлу, ткъа шена кхетам гулбечо гІайгІа гулйо.
Выбор основного перевода